Хандешнашца ца ма нийсаяздар 3 класс план конспект

Обновлено: 20.05.2024

Открытый урок по родному (чеченскому) языку. Урок по теме Дешнаш. Предложенеш. В ходе урока использовалась презентация, игровые моменты, стихи, эпиграфы. В течении урока использовались здоровьесберегающие технологии, создавались проблемные ситуации.

Оценить 2425 0

Урок №53 Дешнаш. Предложенеш

Де дика хуьлда шун, бераш!

- Шуна хаьа, хIокху дуьнен тIехь массо а хIума цхьана билггалчу хIуманех лаьтташ ю: хьун-диттех, мархаш - хин тIадамех, къамел –предложенех, ткъа тахана вай дуьйцур ду дешнех лаьттарг-предложени хIун ю. Вайна хуур ду предложени хIун ю и муха къасто еза дешнийн цхьаьнакхетарх. Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш маса тайпана хуьлу а, йозанехь церан чаккхенгахь муьлха сацаран хьаьркаш йохку а.

- Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш дешнех.

ХIун ю предложени? Муьлхха а дешнашна хIотталой предложени?

Слайд: Буста ши могIа:

I) Цициг, гоьрга, дика, язйо.

2) Цициг, можа, Iуьллу, дижина

- Муьлххачу дешнех предложени кхолла йиш ю?

- Цициго дика язйо. Горга цициг.

- ХIан-хIа. Йиш яц.

- ШолгIачу могIанехь долчу дешнех предложени кхолла хьовсу вай.

Можа цициг дижина Iуьллу.

- Вайна хии цициг можа дуй, и дижина Iуьллий а.

- Сурт хIотто а, дилла а йиш ю вай

Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гойту. Предложени, маьIница вовшахкхеттачу дешнех лаьтта.

- ТIедиллар кхочушде вай.

- Схьалахий вай предложенеш.

БIаьсте, бераш, хьун, малх.

ТIекхечира бIаьсте.

Мело-о мох хьоькху.

Нийса жоп иштта хила деза:

- Хьалхарчу могIанехь дешнаш ду, шолгIачу могIанехь ши предложени.

1-ра: ТIекхечира бIаьсте.

2-гIа: Мело-о мох хьоькху.

- ХIора предложенино шен-шен маьIна даьстина. Предложенера дешнаш маьIница, дуьйцучух кхеташ вовшахтесна ду.

- Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу:

дийцаран - Тхо юьрта дахара

хаттаран - Хьо хиллий аьхка юьртахь?

айдаран - Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь!

- ТIедиллар кхочушде вай, чаккхенга сацаран хьаьркаш хIиттош.

Тхан доьзал боккха бу тхо бертахь деха со ирс долуш ву хьан буй доттагIий

Нийса жоп иштта хила герга ду

Слайд:

Тхан доьзал боккха бу.

Тхо бертахь деха

Со ирс долуш ву!

Хьан буй доттагIий?

- Предложенеш нийсаязъяран бакъонаш юй-те? Ю. Предложенеш гуттара доккхачу элпаца язйо.

Предложенин чаккхенгахь тIадам, хаттаран я айдаран хьаьрк юьллу.

Царех сацаран хьаьркаш олу.

- Тахана урокехь вайна хии, предложени стенах олу.

- Iеми предложенеш, дешнаш къасто.

- Девзи аларан Iалашоне хьаьжжжина предложенийн тайпанаш, сацаран хьаьркаш хIитто а.

- Хьоме бераш! Кху тIехь чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза къахьега деза вай вешан мотт кхиорехь. Дала аьтто бойла шу!

- Iодика йойла шун!

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

При проведении классного часа, распечатали ваши буклеты, разобрали и поместили в классный уголок. Сп. Подробнее.

В предверии недели ПДД воспользовалась вшим материалом при проведении классного часа у младших школь. Подробнее.

Очень хороший сценарий. Обязательно воспользуюсь данным материалом при проведении мероприятия для де. Подробнее.

спасибо за предоставленный материал. Использовала презентацию на кл. часе. Дети узнали много новой и. Подробнее.

спасибо автору за презентацию. Очень красочная, привлекает внимание детей. отлично подходит для испо. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Нажмите, чтобы узнать подробности

КЕЧЙИНАРГ ТУХАЕВА З.И .

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

Ц1ера болх таллар. шардар 256 Д1аеша байт. Мила ву цуьнан автор? -Стенах лаьцна ю иза? -Муьлха хандешнаш ду цо цу т1ехь далийнарш? -Муха хир дара уьш йог1учу хенехь хилча?

Ц1ера болх таллар. шардар 256

Д1аеша байт. Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю иза?

-Муьлха хандешнаш ду цо цу т1ехь далийнарш?

-Муха хир дара уьш йог1учу хенехь хилча?

 Тидам бе муха язйо дакъалгаш ца , ма хандешнашца? Ма сихло маттаца, сихло г1уллакхца. Цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. Г1ийлачунна т1ехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. Дашал хьалха мотт ма тийса.

Тидам бе муха язйо дакъалгаш ца , ма хандешнашца?

Ма сихло маттаца, сихло г1уллакхца. Цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. Г1ийлачунна т1ехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. Дашал хьалха мотт ма тийса.

132-г1а аг1он т1ера бакъо таллар. Хандешнашца дакъалгаш ца , ма къаьстина яздо: ца хаьа, ма ала.

132-г1а аг1он т1ера бакъо таллар.

Хандешнашца дакъалгаш ца , ма къаьстина яздо: ца хаьа, ма ала.

Тхайн ц 1 ахь чохь а , арахь .

Кхин дан х1ума ца хилахь ,

Хелхар дийр ду школехь .

Хуьлийла хьо шианхо

Я т 1 ехдика дешархо .

Xlapa хелхар 1 амаде ,

Когаш хьайн ма кхоабе !

Шардар № 260 Т1адамийн метта маь1ница дог1у дакъалгаш а дохкуш, схьаязъе предложенеш. Буьйса т1екхечира, цхьа а гучу … велира. 1ийса, тахана дукха … ловзалахь. Оха х1инца а лампанаш … латийна. Къа … хьегча, хи чуьра ч1ара а … баьккхина.

Шардар № 260

Т1адамийн метта маь1ница дог1у дакъалгаш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.

Буьйса т1екхечира, цхьа а гучу … велира. 1ийса, тахана дукха … ловзалахь. Оха х1инца а лампанаш … латийна. Къа … хьегча, хи чуьра ч1ара а … баьккхина.

Берашка шайга болх байтар. Шардар 261 Къовларш д1а а йохуш д1аязъе предложенеш.

Берашка шайга болх байтар.

Къовларш д1а а йохуш д1аязъе предложенеш.

Жам1 дар. Х1ун эр дара аша дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?

Х1ун эр дара аша дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?

Ц1ахь бан болх балар. Шардар № 227, бакъо 112 аг1он т1ера. Ц1ахь бан болх балар. Шардар №

Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 227, бакъо 112 аг1он т1ера.

Ц1ахь бан болх балар.

1одика йойла, марша 1ойла шу! Дала вешан меттан сий-пусар деш, доггах безаш 1амо а, цуьнан исбаьхьалла йовза а болу лаам совбоккхийла вайн!

1одика йойла, марша 1ойла шу! Дала вешан меттан сий-пусар деш, доггах безаш 1амо а, цуьнан исбаьхьалла йовза а болу лаам совбоккхийла вайн!



-75%

1алашо: хандешнех болу хаамаш шорбар. Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Берашна евзар ю хандешнашца ЦА, МА нийсаязъяран бакъонаш, 1емар ду царех йозанехь пайдаэца.Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Олу , ца олу, ма ала, язйо, ца язйо, ма язъе, таса , ца т осу , ма таса, кхалла, ма кхалла, ца кхоллу, лийча , ма лийча , ца луьйчу.

-Д1адеша дешнаш .Кхаа тобане декъа уьш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Олу , язйо, тосу, кхалла , лийча)

-Шолг1ачу? (Ца олу, ца язйо, цат осу, ца кхоллу , ца луьйчу)

-Кхоалг1ачу? (Ма ала, ма язъе, ма таса, ма кхалла, ма лийча)

-Муьлхачу билгалонашца декъна аша уьш кхаа тобане? (Карарчу хенан хандешнаш, ЦА цхьанадолу хандешнаш, Ма цхьанадолу хандешнаш)

-ЦА,МА цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду? Берийн жоьпаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Хандешнашца ЦА ,МА яздаран тидам бар.

-Шолг1ачу , кхоалг1ачу тобанашкарчу дешнех предложенеш х1иттае.

Ислам ирча ма язъе. Боьхачу хи чохь ца луьйчу.

1аж боккха мА кхалла.

-Муьлхачу дешнашна хьалха ду ЦА,МА?

-Цара предложенина х1ун маь1на ло?

аь) Бакъо таллар.

-Х1ун маь1на ло ЦА, МА дашна?

-Муха яздо уьш хандешнашца къаьстина?

б) ЦА,МА хандешнашца яздаран тидам бар.

Шардар № 379, аг1онаш 171-172.

-Муьлхачу дешнашца яздина ЦА, МА? (Ма еша, ма ала..)

-Муха яздина уьш дешнашца? (Къаьстина)

-Х1ун маь1на ло цара хандешнашна? (Дацаран маь1на)

Шардар № 380 ,аг1о 172.

-Д1аеша предложенеш. Муьлхачу дешнийн ду дацаран маь1на?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГЕ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аз хилча ,Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Муьлханаш ду цу предложенешна юкъахь кицанаш?(Кхоалг1а а , йоьалг1а а )

-Муха кхета шу царех?

в) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 381 , аг1о 172.

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

- Х1орда чохь со лелара,

Юорнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш. 5.Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Предложенеш меженашца къастор.

Шардар № 382 , аг1онаш 172-173.

-Муьлхачу дешнашца яздина МА? (Ма даха, мА хилийта)

-Муха яздина уьш цу дешнашца? (Къаьстина)

-Д1аеша шолг1а предложении.Талла и меженашца. Муьлха дош ца хуьлу предложенин меже? (МА)

аь)Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 385 , аг1о 174.

-Д1аеша текст. Караде хандешнаш. Муьлха хан билгалйо цара?

Шардар№ 384 , аг1о 173.

-Д1аеша стих. Стенах лаьцна ю иза? (Вайн халкъах ,Даймахках)

-Х1ун боху вайн латтанах? (!аьржачу дешица вайн латта хьандина)

-Х1ун ю 1аьржа деши? (Нефть)

-Х1ун хаьа шуна вайн махкахь доккхучу нефтах?

-Х1ун боху аренех? (Ялташа тойина)

-Стен бела вайна ницкъ , ирс? (Халкъийн вошалло)

Шардар№ 386 , аг1о 174.

-Д1аеша стих. Муьлха хандешнаш ду цу юкъахь?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

-Х1ун маь1на ло хандешнашна хьалхахь ЦА, МА хилча?

-ЦА, МА хандашца муха яздина?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 383, аг1о 173.

Бакъо 172 аг1он т1ера.

Предпросмотр онлайн:

Посмотрите также:

Методические материалы для учителей средних школ, 2016—2020
Все права на материалы принадлежат их авторам. Материалы были собраны из открытых источников сети Интернет
Для связи с администратором используйте почту [email protected]

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

106-г1а урок.

1алашо: хандешнашца ца , ма нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар, царех пайдаэца 1амор.Орфограмма , дацаран маь1на.а

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: 1емар ду дешнашца ца , ма нийсаяздан; хуур ду дакъалгаша ца, ма хандешнашна дацаран маь1на кхуллуш хилар.

Метапредметни

Регулятивни: 1емар ду хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха, кхочушъян; хуур ду шайн белхан нийса мах хадо.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, шайна хетарг масалшца т1еч1аг1дан; къамелан говзалла кхуьур ю.

Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан ; алсамдер ойлаяр, тидам бар.

Личностни: дика деша лаам хир бу .

Урок д1аяхьар.

I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II . Г1алаташ т1ехь болх бар.

(Массара цхьана толу цхьатера г1алаташ. Цул т1аьхьа х1ораммо нисдо шен-шен г1алаташ).

III . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тхуна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тхуна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

-Маца йоьшу вай иштта байт?

-Схьаязде хандешнаш. Муьлха хан билгалйо цара? (Карара).

-Кхаа хенехь хийцаде уьш.

IV Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

1. Дешнаш тобанашка декъар.

Олу , ца олу, ма ала, язйо, ца язйо, ма язъе, таса , ца т осу , ма таса, кхалла, ма кхалла, ца кхоллу, лийча , ма лийча , ца луьйчу.

-Д1адеша дешнаш .Кхаа тобане декъа уьш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Олу , язйо, тосу, кхалла , лийча).

-Шолг1ачу? ( Ца олу, ца язйо, цат осу, ца кхоллу , ца луьйчу ).

-Кхоалг1ачу? ( Ма ала, ма язъе, ма таса, ма кхалла, ма лийча ).

-Муьлхачу билгалонашца декъна аша уьш кхаа тобане? (Карарчу хенан хандешнаш, ца цхьанадолу хандешнаш, ма цхьанадолу хандешнаш).

- Ца, ма цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду? Берийн жоьпаш.

-Д1аеша урокан ц1е. Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

V . Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар .

1. Хандешнашца ца , ма нийсаяздаран тидам бар.

Упражнени № 345, аг1о 168.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Къинхьегамах лаьцна).

-Д1аяъе упражнени. Т1едиллар кхочушде.

-Д1аеша шолг1а текст. Стенан тидам би аша? (Оцу текстехь хандешнашна хьалхахь ду ца) .

-Х1ун хийцамаш хила текстан маь1нехь? (Текстан дацаран маь1на кхоьллина цо).

-Муха яздина ца хандешнашца? (Къаьстина).

2. Бакъо таллар.

-Муха яздо дешнаш ца , ма хандешнашца?

3. Дешархошка шайга болх байтар.

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

-Д1аеша хьалхара предложени. Муха яздина аша дош ма хандашца?(Х1унда?).

(Иштта толлу йисна предложенеш).

-Муьлханаш ду кицанаш? Муха кхета шу царех?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1ан яздина дош дечиге ? (Доца шеконан аьзнаш [а],[у],[и] хезаш хилча , яздо элп а . Амма г-ний, к-ний хьалха яздо элп и ).

VI .Сада1аран миноташ.

VII .Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

Къамел кхиор .

Упражнени № 348, аг1о 169.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Книгано динчу дехарх лаьцна ю).

-Кхин х1ун дехар дан тарло книгано берашка?

-Муха яздина дацаран дош ца хандешнашца?

Упражнени № 348, аг1о 169.

(Дешархоша шаьш язйо упражнени).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

VIII .Урокан жам1.

-Муха яздо дацаран дешнаш ца, ма хандешнашца?

-Муха здо уьш хандешнашца?

IX . Ц1ахь бан болх балар.

Упражнени № 347, аг1о 169.

Урок д1аяхьар.

I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

1.Ц1ера болх таллар.

Упражнени № 347, аг1о 169.

-Д1аеша байт. Муьлхачу дешнашна буха сиз хьаькхна аша? (Ца ло, ца 1а).

-Маца яздо дешнаш ца , ма хандашца къаьстина? Муха маь1на кхуллу цара хандашна?

2. Предложенишна дацаран маь1на кхоллар.

-Д1аеша байт.

Воьдуш, воьдуш вара со,

Ког кхерах кхийтира,

Охьахиъна, вилхира,

Хьалаг1аьттина, тебира,

Уьрсан м1ара карийра,

Матта 1уйшна белира,

1аьржа Iaxap белира,

Аттана белира,

Цо шурин кад белира,

Товхан йисте х1оттийна,

Beгlaш, вег1аш вара со.

Ломара чуьркаш хьаьвдда,

Учара мозий хьаьвдда,

Цара мийраш тоьхна

Сан шурин кад 1ана бина,

Со сайн кетарх ши куьг тоьхна,

Ведда д1авахара.

-Ишттаниг хуьлий? Хьан далор дара байтана дацаран маь1на?

-Д1аяхъе стихотворени. Дацаран маь1на кхолла цунна.

III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

-Д1адеша дешнаш. Къовларш д1а а йохуш д1аязде.

(Ца) вог1у, (ца) стар, (ма) вола, (ма) лонча, (ца) олу, (ца) мза, ( ма) дийца,(ма)шен.

-Д1адеша шаьш яздина дешна. Муьлхачу дешнашца яздина аша дешнаш ца, ма къаьстина?Х1унда? (Уьш хандешнаш ду, Хандешнашца ца , ма къаьстина яздо).

-Муьлхачу дешнашца яздина аша ца , ма хоьттина?Х1унда? (Уьш ц1ердешнаш ду. Ца , ма къастийча , церан маь1на телха).

-Муьлхачу дешнашца яздо дацаран дешнаш ца , ма ? (Хандешнашца).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

IV . Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар .

1. Тобанашкахь болх бар.

Упражнени № 350, аг1о 170.

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

- Д1аеша предложенеш. Х1ун маь1на хуьлу хандешнаш хьалха дацаран дешнаш хилча?

-Д1аеша шаьш х1оттийна предложени. Стено г1о ди шуна цунна дацаран маь1на кхуллуш?

2.Шайн дагара язъяр кхиор.

Упражнени № 352, аг1о 171.

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

V . Сада1аран миноташ.

VI . Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

1. Текст-дийцаран тидам бар.

Упражнени № 351, аг1о 170.

-Д1аеша текст.Стенах лаьцна ю текст? (Къинхетамах).

-Мила ву къинхетамениг? (Аьмад).

-Стенах гучудолу иза? (Ахьмада сен к1орни лечура к1елхьарйоккху).

-Муха к1ант ву Ахьмад? Аша дийр дарий ишттаниг?

Муьлха текст ю иза? (Текст-дийцар).

-Муьлха дакъош хуьлу текст-дийцаран? (Долор, коьрта дакъа, дерзор).

-Д1адеша долор. Муьлхачу предложенеша кечво хьо ладог1а? (Дешархоша д1айоьшу хьалхара кхоъ предложени).

-Д1адеша коьрта дакъа. Муьлхачу предложенеша билгалбо дийцаран коьрта хаам ? (Йоьалг1ачу предложенина т1ера йолхалг1ачу предложени т1е кхаччалц д1айоьшу дешархоша).

-Д1адеша дерзор? Муьлхачу предложенеша чакхдоккху дийцар? (Дешархоша д1айоьшу т1аьхьара ши предложени).

-Д1адеша хьалхара хаттар. Муха жоп лур дара аша цунна? (Сено г1о дийхира Ахьмаде).

-Х1ун гира Ахьмадна , сена т1аьхьа вахча? (Ахьмадна сена т1аьхьа вахча, логгелц колд чу яхана сен к1орни гира).

-Ахьмадна муха баркалла элира нана-сено? (Ненан б1аьргаш хих буьзна бара, цара гойтура ненан дагахь дерг. Цо йистйоцуш бохура Ахьмадна баркалла шен б1аьрхишца).

VII . Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

VIII .Урокан жам1.

Чакхъяха предложенеш.

Хандешнашна дацаран маь1на кхуллу дешнаша_____________________.

Уьш хандешнашца ____________________________________________яздо.

IX . Ц1ахь бан болх балар.

1. Упражнени № 353, аг1о 171.

Урок д1аяхьар.

I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

1.Ц1ера болх таллар.

Упражнени № 356, аг1о 172.

-Д1аеша стихотворени. Мила ву цуьнан автор? (Ж. Махмаев).

-Муьлха хандешнаш ду текстехь? Муьлха хан билгалйо цара?

III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

Ас сайн веше кехат … . Иза Москвахь доьшуш ву. Кестта отпускана ц1а … . Суна … сайн ваша.

-Муьлха дешнаш хила деза т1адамийн меттана?

-Муьлха дешнаш яздина аша т1адамийн меттана?(Яздира, вог1ур ву, дукхавеза).

-Муьлхачу хенан хандешнаш ду уьш?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

IV . 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Олуш язъяр.

Упражнени № 355, аг1о 172.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Толаман дийнах лаьцна).

-Муха ду боху халкъашна толам баккхар? Х1унда?

-Х1унда ду сингаттаме?

(Хьехархочо д1ааларца д1аязйо текст).

Хандешнийн тидам бар.

Уьйт1ахь кедахь худар ду

Цига йог1уш хьарг1а ю.

Худар диъна, кад бассийна,

Кад бассийна, т1емаяьлла,

Дитта буьххье хьалаяьлла,

Хьалаяьлла, мас ц1анйина

Хабар дийца и х1оьттина.

-Стенах лаьцна ю иза?

-Схьаязъе иза. Хандешнийн хенаш билгалъяха.

V . Сада1аран миноташ.

VI . 1амийнарг кхин д1а а т1еч1аг1дар.

Дагалоцуш язъяр.

Упражнени № 357, аг1о 173.

-Д1аеша текст. Хьанах лаьцна ю иза? (Ханпаша Нурадиловх лаьцна).

-Мила ву Ханпаша Нурадилов? (Турпалхо).

-Маса фашист вожийна цо пулемет етташ?

-Муьлха ц1е елира цунна?

-Х1унда техкина халкъо цуьнан ц1ерш школашна, урамашна, театршна?

-Х1ун хезна шуна Ханпашех лаьцна?

-3-г1а дагалацамах пайда а оьцуш,д1аязъе текст.

-Муха кхета шу майралла,доьналла боху дешнех?

-Х1итта е предложенеш и дешнаш юкъахь долуш.

-Муьлха ц1ердешнаш ду текста юкъахь? Муха къасто деза ц1ердешнийн дожарш?

Хандешнашца ца,ма нийсаяздар. 1)Бакъо ешар (аг1о 132); 2)Шардар 259; 3)Шардар 261. Къовларш д1а а йостуш,т1ера схьаязде.

Дата создания: 05.05.2020

Дата обновления: 05.05.2020

Дата публикации: 05.05.2020

  • Официальный интернет-портал государственных услуг
  • Культура.рф
  • Федеральный портал "Российское образование"
  • Официальный сайт Минпросвещения России
  • Официальный сайт Министерства науки и высшего образования Российской Федерации
  • Официальный интернет-портал правовой информации

Дата последнего изменения на сайте: 28.01.2022

При использовании материалов сайта активная прямая ссылка на источник обязательна

На сайте используются файлы cookie. Продолжая использование сайта, вы соглашаетесь на обработку своих персональных данных. Подробности об обработке ваших данных — в политике конфиденциальности.

Перейти в раздел
Дистанционное обучение.

Читайте также: