Сийлахь боккхачу даймехкан т1амехь къонахалла гайтинчу турпалхойн хьуьнарш доклад

Обновлено: 13.06.2024

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Оценить 1694 0

Нохчийн литературан йиллина урок

Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)

Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна

Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.

Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.

Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.

Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?

Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .

Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!

Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.

Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.

Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.

Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.

Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.

-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.

- х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна

(И кхочушдан 3 минот хан ю )

Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)

2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)

Хьосту, 1ехаво, чиэхаво

Дахар – сатийсаман денош

Вазво, сий айадо,лакхавоккху

Къонах- сийлахь ц1е

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Айаво, даьржа,кхайкхаво

Сий-къонахчун аг1о ю.

Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна

И кхочушдан 3 минот хан ю

Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.

5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.

Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)

Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш - бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.

Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.

Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)

Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,

Къийсамехь собаре - нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,

массара а билгалйохуш ю.

Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.

Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.

1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.

2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.

4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Урокан чулацам : Нохчийн литература Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь (1941-1945)

Урокан 1алашо : Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь (1941-1945)кхоллаелла литература йовзийтар.2 махке а,матте а безам кхоллар

Урокан г1ирс :компьютер,суьрташ,книгаш.

Урокан тайпа :довзийтаран

Урок д1аяхьар. Даймахкехьа майра леташ,

Халкъан маршо доггах ларъеш,

Шайн сий-пусар дан йиш йоцуш,

Шу ду уггар турпалчарах.

1.Ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина болх таллар.

1. ХIун тематика ю Хамидов Iабдул-Хьамидан дийцарийн?

2. Яздархочун дийцарийн жанран башхаллаш муха ю?

3. ХIун чIагIдеш а, стенна дуьхьал хьажийна а хета хьуна Ха-

мидов Iабдул-Хьамидан дийцарш?

3.Керла коьчал йовзийтар(Хьехархочун дош)

Адамийн машаран къинхьегам юкъахбаьккхира гитлеровски Германис ямартлонца болийначу тIамо. 1941-чу шеран 22-чу июнехь вайн Даймахкана тIелетира фашистски мехкашдIалецархой. Дуьненахь хIинццалц схьа хиллачу тIамех уггаре буьрса а, къиза а тIом бара милитаристски Германис болийнарг. Iаламат яккхий халонаш хIиттира вайн Даймахкана хьалха. Кхийолу пачхьалкхаш дIалоьцуш вайна тIекхаьчна, герзах йоьттина йолу фашистски ардангаш эшо езара. Дерриге халкъаш хьалагIевттира мостагIчунна дуьхьал, дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом.ТIамо хийцира Даймехкан дерриге а дахар. Берриге ницкъ мостагI эшорна тIехьажо дийзира. Литературина хьалха а хIиттира керла декхарш. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу шерашкахь,массо а къаьмнийн литературашна санна, нохчийн литературина хьалха а хIиттира Даймохк фашистски акхаройх ларбарна тIехьажийна долу сийлахь декхарш. Герз кара а лаьцна, тIаме хIиттира цхьаболу яздархой, вукхара идейно-политически болх вовшахтухура халкъа юкъахь. Массо а яздархочун дош даггара, ницкъах дуьззина дара оцу буьрсачу

хенахь. Яздархойн исбаьхьаллин дашо адамийн дегнашкахь луьра цабезам кхиабора мостагIчуьнга, Iорайохура фашистски мехкашдIалецархойн Iалашонаш. Шайн произведенешца цара кхин а

”. Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахецначу оцу альманаха тIехь зорбатоьхна яра Музаев

Нурдинан, Эдилов Хасмохьмадан, Яндиев Джамалдин, Осмиев Хьамзатан, кхечеран а стихотворенеш, публицистически статьяш, кхийолу материалаш а. “Тахана хIор советски стаг турпалхо хир ву. Шайн догIмашца ларбо турпалхоша шаьш кхиийна нанаДаймохк. Цара балар гIоле лору безаш болу нана-Даймохк мостагIчунна дIа ца луш. Иштта болу турпалхой эшалур бац, уьш мостагIчух озалур бац. МостагI вохийна хир ву! Фашизман цIийшлахь долу куьг сацийна хир ду! Толам вайгахь хир бу!” – бохуш чIагIдора яздархоша.

1941 шо чекхдолуш араелира “Капитан Маташ Мазаев” цIе йолу книга. Цу тIехь нохчочун Мазаев Маташан бIаьхаллин хьуьнарш дуьйцуш йолчу “Правда” газета тIера схьаэцначу материалашца цхьаьна зорбатоьхна яра Мамакаев Iаьрбин “Турпалхочун танкистан доьзал” аьлла, очерк а, “Чевнаш хиллачу капитане”

цIе йолу стихотворени а, кхечу нохчийн, оьрсийн, гIалгIайн яздархойн Мазаев Маташан тIеман хьунарех лаьцна йолу произведенеш 1Альманах – тайп-тайпанчу яздархойн произведенех лаьтташ йолу литературин Сборник.а. Ишттачу произведенеша майрачу тIемалойх масал эцаран ойла кхиайора, мостагIчунна ондда дуьхьалояран, Даймехкан паргIато ларъяран лаам чIагIбора.

Даймахке кIорггера безам кхиош яра Мамакаев Мохьмада тIом болчу хенахь язйина стихотворенеш а. Дог Iовжош ю цуьнан “И йоьлхуш яц” цIе йолу жима стихотворени. Говза поэтически васт кхуллуш гайтина цу тIехь тIамехь кIант вийна нана. Шен кIантана дог лозу цуьнан, халчухIоьттина иза, амма йоьхна яц. Даймахке деана вон кхин а алсам Iаьткъина нанна, бекхаман ойла гIаьттина цуьнан кийрахь.

Шен кIентан коша тIехь лаьтта.

ХIан-хIа, яц! Йоьлхуш яц и нана:

Катоьхна и борзах хьаьрчи.

ТIаккха, шен кхолламна кIел сецна,

И гIаьтти дог цIарца догуш,

Ягийнчу хIусамех бIаьрг кхетта –

ГIулч яьккха цуо, хьалха йолуш.

ЦIе яккха, доттагIа, нуьцкъалчун:

Безамо гулийна чIир ю,

Я ненан сийлахьа безам бу?

КIант вийначу ненан васт хIоттош, яздархоша гойтура цуьнан Даймахке болу боккха безам.Вайнехан халкъан барта произведенешкахь санна, кIант дIахьажош нанас цунна тIедиллира майра хилар, ша ца кхоош, Даймохк Iалашбеш, эшахь шен са а дIадалар. Осала хилий, кIиллолла дахьаш шена тIе юха ма воьллахь, олий, кхуьйлура нанас тIаме воьдучу кIанте. Мамакаев Мохьмада шен ”КIиллочунна” цIе йолчу стихотворени тIехь дика гайтина стешхалла, тIамехь шен са дадийна лелар халкъалахь дукха сийсаза хилар. Ишттаниг, юха цIа вирзича, тIе ца оьцу дас а, къомо а, махко а. Халкъан цIарах поэто боху кIиллочуьнга: “Къам, хIусам я Даймохк мичахь бу хьан? Йишвешин, доттагIчун цIе яккхалахь. Даймохк бац, къам а дац, осала са”– халчу дийнахь Даймахкана ямарт хиллачунна цкъа а геч ца до

адамо, неIалт кхайкхош бIалл кхуссу цунна:

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз

Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу.

Кхоссалаш, кхоссалаш цу барзе бIал!

И хьан барз неIалтца хьекъабеш бу.

Иштта нуьцкъала сурт хIоттадо Мамакаевс шен махкана ямарт хиллачуьнга болу цабезам буьйцуш.

“Фашисташна дуьхьал стихаш” аьлла, сборник арахийцира вайнехан поэташа 1941 шарахь. Оцу поэтически сборника тIехь яра

Мамакаев Iаьрбин, Музаев Нурдинан, Эдилов Хасмохьмадан, кхечеран а фашисташна дуьхьал хьажийна йолу стихаш. МостагIчунна

дуьхьал халкъан оьгIазло гIаттайора оцу произведенеша. Даймахке, халкъе йолу ойла чIагIйора.

Оьрсийн яздархойн публицистически статьяш, очеркаш,стихотворенеш, кхийолу тIеман тематиках лаьтта исбаьхьаллин произведенеш нохчийн матте а йохуш, зорбатухура. Ишттанохчийн маттахь араевлира А. Толстойн статья “Мила ву Гитлер,стенга кхача гIерта иза”. И. Эренбурган “Адамаш даархой”,“Муьлш бу уьш”, “Стешха тIемало Бенито Муссолини”, Н. Тихоновн “Кавказан сий”, П. Павленкон “ГIазот”, В. Гроссманан “Боьмаша цIийIуьйдурш”, цаьрга терра кхийолу произведенеш а. Лев

Кассила берашна язйина “Кегий Буденовхой” цIе йолу книжка а арахийцира Мамакаев Iаьрбис гоч а йина. Оцу произведенеша фашистийн Iаьржа Iалашонаш Iора а йохуш, адамийн дегнашкахь цаьрга луьра цабезам гIаттабора. ТIеман хенахьлерчу дуккха а произведенешкахь къаьсташ билгалдолу бIаьхочун турпалаллин васт. Бакъонца болчу тIамехь Даймохк ларбеш волу тIемало ша тоьлург хилар даиманна тешна хуьлу. МостагI мел ницкъ болуш велахь а, иза эшавийр вац аьлла

цхьацуьрриг а шеко йолуш бацара вайн тIемалой.Нохчийн поэзехь кхоьллина долу бIаьхочун исбаьхьаллин васт Даймахко кхиийнчу тIемалочун йоккха патриотизм а, турпалалла а гойтуш дара. Саидов Билалин “ТIемалочуьнга”, “Советски

эскар”, “КIанте”, Эдилов Хасмохьмадан “БIаьрзе стаг”, “ТIемало хьоьга!”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”, Музаев Нурдинан “Толам вайн бу”, “Вайна хьехна” бохучу стихотворенешкахь вайна хьалха хIутту шен Даймехкан а, халкъан а маршо ларъярхьама муьлхха хало ловш волчу, мостагIчунна йоккхачу турпалаллица дуьхьал волучу тIемалочун васт.

Саидов Билалас “ТIемалочуьнга” цIе йолчу шен стихотворени тIехь яздо:

Даймахкехьа майра леташ,

Халкъан маршо доггах ларъеш,

Шайн сий-пусар дан йиш йоцуш,

Шу ду уггар турпалчарах.

ХIор дешан къеггина маьIна а долуш, кхета аттачу, ондда интонаци йолчу оцу стихаша дика гойту бакъонехьа къуьйсуш болчу тIемалойн патриотизм а, майра дог-ойла а. Ницкъ а, оьздангалла а шайца билгалйолучу “майра леташ”, “маршо. ларъеш”,

“сий”, “турпалчарах” бохучу дешнаша гIо до паргIато ларъеш волчу бIаьхочун дуьззина васт кхолла. “Советски эскар” цIе йолчу

стихотворени тIехь авторо чIагIдо вайн тIемалой – “дог майра лоьмаш” мостагIа цуьнан шен “бенахь” вохор волуш хилар. Саидов Билалин кхечу стихотворенин лирически турпалхочо боху: “Дог дера сан майра кIант, етташ ата мостагIа!”

Даймохк ларбеш волу тIемало гуманист ву, къинхетамен дог ду цуьнан, амма цуьнан “бекхаман ойланаш малх бузе керча”. Шен махка бохам бохьуш веанчу мостагIчух дера лета иза, цунна тIехь толам баккхархьама эшахь, шен са а дIадала кийча ву. Ишттачу бIаьхочун васт хIутту Эдилов Хасмохьмада тIеман хенахь язйинчу стихотворенешкахь. Буьрсачу тIамехь чIагIло фашисташна дуьхьалгIаьттина ойла. “БIаьрзе стаг” цIе йолчу стихотворени тIехь поэто гайтина тIамехь “бомбано чов ярна” бIаьрса дайна салти. Иза шегара бала балхош вац, мелхо а шех къахетачеран дог ир-кара хIит-тадо цо. “Болатал чIагIло шу фашисташ бохо!”– иштта бу салтичун даггара лаам.

“Кавказан аьрзу”, “Суьрте” цIерш йолчу стихотворенешкахь Эдилов Хасмохьмада хIоттийна вайн халкъан сийлахьчу кIентанСоветски Созан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин васт. Майрачу бIаьхочо Нурадилов Ханпашас шен къона дахар дIаделла Даймохк ларбеш. Ханпашина дукха безара ша кхиийна Даймохк, цуьнга ца лалора фашистски йовсарша иза аьшнашбар. Шен лаамехь фронте вахана волу Нурадилов чIогIа летара мостагIех, цаьрга болчу цабезамах дуьзнера цуьнан майра дог. Луьрчу тIамехь цхьа эзар гергга фашист вожийна турпалчу пулеметчико. Поэто исбаьхьаллин васт хIоттош билгалдоху къоначу тIемалочун бIаьхаллин хьуьнарш, Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа цо шен дахар дIаделла хилар. Нурадилов Ханпаша шен са кхоош а, Iожаллех кхоьруш а вац. Иза Даймахкана орцахваьлла, хьашт хиллачохь Iожалла тIеэца кийча ву. «Ша винчу халкъана дахар дIаделла, герзаца Iожаллин тIаме дIахIоьттира”– боху стихотворени тIехь. Халкъана паргIато йоккхуш велларг даиманна а адамийн дегнашкахь вуьсу, цуьнан цIе цкъа а йицлуш яц. Цундела поэто Ханпаша дагалоцуш боху

Эдилов Хасмохьмадан тIеман хенахьлерачу стихийн лирически турпалхочун дог-ойла къеггина гучуйолу «Сий делахь, Латта!” цIе йолчу стихотворени тIехь. КIорггера маьIна долуш ю поэтически говза язйина йолу и стихотворени. Стеган дахар, ирс, сий цуьнан шен Даймахкаца йолчу юкъаметтигах дозуш ду. Даймехкан латта ду стаг сийлахь веш дерг, цуьнга ирс кхочуьйтург. Иза лардар хIоранна а тIехь ду. Эдиловн лирически турпалхочо чIагIо йо

“кхехка цIий саццалц” и лардан. Нагахь санна мостагIчуьнца дIахьочу къийсамехь валар нислахь “Хинболчу сан борзах цинц

тохий бIаьрга, Совцабе! Ата уьш! ХIаллакбе, Латта!”– боху цо. “Латта” боху дош шуьйрачу маьIнехь даладо поэто. Иза вина меттиг а ю, вайн берриге Даймохк а бу.

Чов йоцуш, цIий доцуш,

ТIом хилла бац-кха,

Ирсан стом ларбан а

Дац цуьрриг атта.

Ас дегI ца кхоийна

Сайн дуй чекхбаккха:

“Кхехка цIий саццалца

Хьо лардан, Латта!”

Лирически турпалхочун кхоллам Даймехкан лаьттах дIакъасталур боцуш бу. “Турпалхойн могIарехь” шен Iожаллин сахьт тIехIоьттича а, бовхачу безамах юьззина йолчу сирлачу ойланца боху цо: “Чурта тIе яздан хьан баркалла оьшу, ирс къуьйсуш веллачун, сий делахь, Латта!”

Оцу поэмел хьалха тIеман хьокъехь Сулаев Мохьмада язйинера“Малх къуьйсу тIом”, “ГIовтта” цIерш

йолу стихотворенеш. Царна тIехь поэт кхойкхура массаьрга а “Даймехкан сий лардечу цу тIаме” хIиттаре. Фашистийн къиза амалш схьагойтуш, адамийн дог-ойла царна дуьхьалъяккхар яра авторан Iалашо. Изза тема кхидIа а кIарг а еш, хIоттийна “Малх тоьлур бу” цIе йолчу поэми тIехь а. Шуьйра чулацам болуш ю поэма. Фашистски Германин“Iаьржа хьарамло” ма-ярра гайтар; адамийн йоккха патриотизм; дерриге а къаьмнаш цхьабарт хилла мостагIчунна дуьхьал довлар; вайн тIемалой Даймохк ларбеш майра летар а, церан даккхий хьуьнарш а; тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш – иштта ду поэми тIехь къастош долу гIуллакхаш. МостагI мел чIогIа велахь а, вайн халкъаша цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора.Поэми тIехь ши идея, ши ницкъ бу вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьтташ: “Цхьаъ – Серло – СССР коьртехь! Важа–Бода – гитлеризм коьртехь!” Серлой, Бодий поэтан символаш ю. Серло - диканиг,адамашна паргIато яхьарг, маршонан идеалах дозуш дерг ду. Бода -вониг, къизаниг, Iазапехь адам латтош дерг, фашизмах дозург ду.

Иза тидаме эцча, къеггина билгалдолу поэмин А.С. Пушкинан дешнех лаьтташ йолчу эпиграфан маьIна а “Малх бехийла, дIабойла бода!”

М. Сулаевс поэтически сурт хIоттош гойту халкъийн неIалт хилла болчу фашистийн ямарт амалш:

Фашисташ! Можа кучамаш! Iаьржа дегнаш!

ТIаьххьара, шаьш далале аьлла,

Шу тохаделла, карзахдевлла

Вонна нуьйр тиллина,

И шайн дин хаьржина,

Дуьненчохь и хоьхкуш хьийза:

Доцчу вон кхачо гIерташ,

Долчохь дика дохо гIерташ.

“Зулам дебош” чубаьржинчу фашисташна дуьхьал гIевттира“миллионийн дегнаш”.Вайн боккхачу Даймехкан дерриге а халкъаш вовшашца

юххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьабосса мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан. Поэми тIехь къастош хьахийна къаьмнийн

республикаша мостагIчунна тIехь толам баккхарехьа лоцуш долудакъа.

МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу тIемалочун лаам а,доьналла а нуьцкъала сурт хIоттош гойту поэто:

Шу гинчу сохьтехь, карахь герз ца нислахь.

Шен кийрара даьккхина цо дог тухур ду!

Дуьненнал бомба тIекхетча санна,

Исторически дIадахнарг теллича а билгалдолу поэмин лирически турпалхочунна фашисташ “шайн Iожаллина тIе” боьлхуш хилар.

1943 шарахь язйина йолчу оцу поэми тIехь Сулаев Мохьмада дог тешош гайтира вайн халкъаша фашизмана тIехь шекойоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшорг хиларан ойла адамийн дегнашкахь чIагIъяр доккха маьIна долуш гIуллакх дара.

ТIеман заманахьлерчу нохчийн литературо, кхечу къаьмнийн литератураша а санна, шен болчу ницкъаца гIуллакх дина фашисташ хIаллак а бина, Даймохк паргIатбаккхарехьа.

1. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хенахь литературина хьалха хIун декхарш хIиттира?

2. Муха чулацам бара тIеман хенахь араевллачу произведенийн?

3. Нохчийн литературехь кхоьллинчу бIаьхочун вастан хIун башхаллаш яра?

2. Хьалха ненах лаьцна 1амийна произведенеш карл-р:

Урокан г1ирс : Р.С. Ахматован сурт, книгаш, суьрташ

I.Урокана кечам бар .

-Де дика хуьлда массеран!

- Х1инца вай д1ахьур ю ненан метан литературан урок.

- Тахана вай дийца леринарг уггаре дезачух а,хьомечух а цхьаъ ду-Нана йийцар,ненах довха дош алар.

-Нана бохург доккха х1ума ду.Нана ю вайна дахар делларг.Нана ю шен сина эшам беш,вай кхетош,вай кхиош,вайх нах деш ерг.

- Таханлерачу урокан тема ю Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх

1.Р.Ахматован дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар

Цхьа сингаттам баьча, хилча хазахетар,

Йог1ур ю хьоцолча-ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш-хьо ела, елхахь сан догъэца,

Ларъе къаьхьчу балех, хьехар суна деш

Дахаран цу ц1ергахь тоъал со а яьгна,

Х1етте а ю дуьне хазахеташ со,

Нислора, т1ам бойна олхазар а санна

Со южуш а, амма г1оттура хьала.

Ахь до суна хьехарш, ларлуш хила бохуш,

Даиман сагатдеш, ларйо хийла со.

Йина мохк, хьо –нана, шу ю-кх сан г1ортораш-

Шуьшиннех а яьлла лелалур юй со?

Ас сайн халчу хенахь лайнарш диц ца делла,

Гина, буьйса къагош, кхетта шовзткъа малх,

Дахар и ду дахар , нисло дагахь доццург ,

Т1екъамаш яц безаш кхаьрда дозаллех.

Лор яц хьо, делахь а-дарба деш ахь хийла

Когаш т1е х1оттий со, дагна г1ора луш

Ахь ницкъ а лой, майра йолий гена ара,

Буьрса дарц а эшош, бора ас сайн некъ.

Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,

Къежъелла месаш го кортали к1елахь

Къинт1ера а ялий, доьху хьоьга, нана,

Дарбане куьйгашна баккхийта цкъа барт!

а) къастош,кхетош стихотворени ешар

б) шуна ца девзаш а,маь1нех шу к1еззиг кхеташ дешнаш дуй текст т1ехь?

в) халчу дешнаш т1ехь болх бар:

тIекъамаш - (ныть); Iийжамаш яц боху ша безаш.

Артделла – бIаьра са эшна бохург ду.

4. Чулацам тIехь болх.

- ХIун тема ю аьлла хета шуна кху стих –ни?

( Нене болу безам бу.)

- Нена санна безам латто безаш кхин хIун ду вай?

- Нана ца хилча бобер лара мегар ду, ткъа Даймохк ца хилча хIун ала мегар ду вай ?

- Даймохк боцу стаг стенах тера ву ?

(Бух бойначу диттах тера ву )

- Цу дешнийн маь1нех муха кхета шу ?

(Орам ца хилча дитт дакъало)

5. Кхин цкъа а йоьшур ю вай стихотворении.

Дешархоша цхьацца б1ог1ам боьшуш йоьшу стихотворении.

Х1ора б1ог1амерчу дешнийн до маь1на.

- Муьлххачу а стеган дахарехь г1алаташ хуьлу, ткъа нана къинт1ера яккхар иза коьрта декхар ду х1ора а стеган.

- Ненан йозаллех лаьцна вайн пайхамарийн, эвлияийн а, элчанан а ду дешнаш.

Хийла вайна хезна а хир ду уьш.

( Ненан йозаллех лаьцна дийцар )

-Х1ора стага а ша мел деш долу х1ума а ненан пурбанца дан деза, вог1уш, воьдуш хаийтар массо а доьзалхочунна т1ехь ду.

III -Ненах лаьцна цхьана Р. Ахматовас язйина ца 1а.

-Хьан буьйцур бара вайна цуьнан боцца чулацам?

1. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу к1ант кхиъна волу. Иза воккха хиларца цара цунна оцу ломахь г1арбаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий.

Кегийрхошца ламанца сакъера ваха лууш хуьлу к1ант, ткъа дас нанас пурба ца ло, пурба ца делча к1ант ца воьду.

2. Амма Даймахкана т1е кхерам беача дуьххьара ден- ненан пурба доцуш араволу к1ант. Мостаг1 юха тухуш цигахь валар нисло цуьнан.

И нене д1ахаийта ца х1утту цхьа а. Дуьххьал д1а ала а ца х1уьттуш мерз- пондарца к1ант валар д1адийцар т1еийцира накъосташа.

3. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижош нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар.

Пондара дуьйцура, нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна.

Ц1еххьана пондаран мерзаша хазийра ламанан лечан г1ерг1ар, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар.

4.Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас.

Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара.

Иза майра леттера Даймохк ларбеш мостаг1ех. Шена хилларг хиъначул т1аьхьа кийрахь йоьлхура нана.

- Хьан эр дара маца болабелла Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом?

( Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом болабелла 1941 ш )

- Хьаьнца хилла и т1ом?

- Вайн нохчийн къомо дакъа лаьцний оцу т1амехь?

( Доккха дакъа лаьцна Сийлахь- боккха Даймехкан т1амехь нохчийн къомо.Иттанаш эзарнаш вайнехан яхь йолу к1ентий майра летта т1еман арахь, дукхах берш цигахь даимна 1ахка а буьсуш.

- 1944 шарахь вайн нохчийн халкъ бехк гуьнахь а доцуш махках доккху. Вайн къомана т1екхаьчнарг йокха киртиг яра

Баккхийчара дуьйцуш хезна, оцу хенахь адаманагшна т1е х1оттийна къизалла муха хилла. Ца лабаллал боккха бала наношкахь хилла. Наношна хьалххахь бераш мацалла а, шелонна а леш хилла. Шайн бер ца далийтархьама, кийрара дог доьлхушшехь ца боьвзачу нахе д1алуш хилла бер.

- Вайн къам д1адохийна чул т1аьхьа вовшех къаьстинчу ненах а, к1антах а лаьцна ду и дийцар.

- Вайн къам ц1а дирзинчул т1аьхьа, нанна новкъахь шен к1ант дуьхьал кхета. Иза нана ехаш йолчу юьрта лоьран болх бан хьажийна хуьлу.Нохчийн къам вайна ма- хаъара хьаша ч1ог1а т1елоцуш ду.

Иштта зудчо шен хуьсаме кхойкху к1ант. Ц1еххьана нанна, шен коьртехь дукха ойланаш йолчу, цхьацца билгалонаш гучуйовлу и шен к1ант хиларх.

- Х1инца вай д1айоьшур ю и шиъ вовшех кхетарх лаьцна кийсак.

- Тидаме эцал х1инца вай бийцира шина произведении боцца чулацам

- Хьалхарчу произведенехь нене х1ун деана?

(Нене деана вон, цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант велла)

- Шолг1ачу произведенехь авторо х1ун гайтина?

(Нанна хилла хазахетар)

- И бакъду.Нанна шен цхаъ бен ца хилла к1ант схьакараво. Иза нохчийн къам д1адохийначу хенахь ненах къаьстина хилла.

V. – Вайн халкъан ненах а, Даймахках а лаьцна дуккха а кицанаш ду.

- Хьанна хаьа, хьан дуьйцур дара вайна?

1. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

2. Нана д1аяьлча, дех деваша хуьлу.

3. Нана елча, везавер д1адолу, деган зезаг дужу.

4. Нана елча, нана еллачунна велха.

5. Нана йилхича, бер дилхина, бер дилхича, да вилхина.

6. Нана, нана хилаза ца йолу.

7. Нанна шен бер даима жима хета.

8. Нанас берана тохале, шен куьйга к1ела г1айба боьхку.

9. Нанас боьллина сардам ца боьду – цо яийна шура дуьхьал хуьлу.

10.Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкху.

VI- Нана боху дош юккъехь а долуш дешнийн цхьаьнакхетарш хьан кхуллур дара?

( Ирсе нана, дика нана, оьзда нана, комаьрша нана, бусалба нана,дог ц1ена нана, къинхетаме нана, хаза нана, тешаме нана, хьоме нана, сийлахь нана, беркате нана)

VII – Вайн дешархочун Сулейманова Хедин а ю ша кхоьллина байташ ненах лаьцна.

- Дешархочо йоьшу шен байташ:

Сан нана, со йина, кхиийна нана!

Хууш дац х1ун хир кху дуьненах кхана.

Яхалахь, елалуш массо а ханна,

Къона а латталахь, хьо тахана санна.

Генахьа хилча а, ненан васт лаьтта.

Б1аьргашна хьалха а, ойланашкахь г1уьтту .

К1астаман къаьхьа кад ас генахь муьйлу.

Хьан деган йовхо дег1ах чекхъюьйлу.

Сан нана, со йина, техкийна нана!

Миччахь со елахь а, дехар ду хьоьга.

Хьайн комаьрша куьйгаш кховдаде соьга.

VIII - Ненах , Даймахках лаьцна вайн поэташа кхоьллина дуккха а байташ ю.

- Х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

( Дешархоша йоьшу байташ )

IX. Урокан жам1 дар.

1- Таханлерачу урокехь хьанах лаьцна дийци вай?

( Ненах лаьцна дийци)

- Р. С. Ахматован коьрта 1алашо х1ун ю?

(Нене болу безам а, нанна халахетар ца дар а).

2. Урокан мах хадор

3. Ц1ахь бан болх балар

- Лаьар- кха, г1айг1а бала бицбина, нанойн дегнаш цхьажимма серладовлийла. Дала лойла, массо а нанна могашалла, ирсе дахар, шайн доьзалех даккхийдер!

Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а язйина мехала произведенеш. Иза автор ву дийцарийн, очеркийн, повестан, пьесийн.

Россера схьабеанчу революцин боламо юкъаозийна Iаьрбин да Шамсуддин. Хьуьнар долуш стаг хилла иза. Пачхьалкхан жоьпаллин декхарш кхочушдеш, Теркан округан чрезвычайни комиссар лаьттина иза. Граждански тIамехь партизанийн тобанан коьртехь а волуш, бIаьхаллин хьуьнарш гайтина цо. Амма 1921-чу шарахь, тешнабехкаца кIело а йина, вийна Шамсуддин а, цуьнан ваша Юсуп а. Царах лаьцна Iаьрбис тIаьхьа яздийр ду шен поэтически произведенешкахь "21-чу шеран 13 сентябрь", "Ден коша тIехь", "Партизанийн илли" и. дI. кх.

Жимчохь да воцуш висна Iаьрби. ВорхI шо кхаьчна волуш иза шен девашас деша дIавелла Серноводскерчу берийн дешаран шахьаре (Серноводский детучгородок). Цигара ваьлча, Соьлжа-ГIала Шерипов Асланбека цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакехь цуьнца доьшуш хиллачара дийцина, Iаьрби дика доьшуш, хаза гIиллакхаш долуш, эхь-бехке вара бохуш. Литературица, поэзица марзо йолуш хилла Iаьрби жимчохь дуьйна а. Хьалххе волавелла иза стихаш язъян а.

Мамакаев Iаьрбин литературе йолу шовкъаш, цуьнан поэтически похIма дарехь гучудаьлла рабфакехь доьшучу хенахь. Цо дукха йоьшуш хилла оьрсийн а, нохчийн а яздархойн произведенеш. Исбаьхьаллин литературех кхуьуш, ша а стихаш язъян Iемаш хилла Iаьрби. Дуьххьарлера цуьнан стихаш рабфакан пенан зорбанехь арайийлина, цул тIаьхьа зорба тоха йолийна "Серло" газета тIехь а.

Iаьрбис стихаш хала ца язйора олура цуьнца дешначара. Цкъа каникулашна цIа ваха ша аравьлча, шаьш чохь Iачу цIенойн пенаш тIе язбинера Iаьрбис хIетта шена дагаеанчу стихан цхьа могIа: "ХIинца латта шайна, букура баракаш" аьлла. Иштта цIеххьана стихаш язъяр кест-кестта хуьлура Iаьрбин бохуш, дуьйцу цара. Iаьрбис юьхьанца язъен стихаш башха даккхий хIуманаш ойбуш а ца хилла, кегий а йолуш, еша а, кхета а атта хилла.

1940-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан правленин жоьпаллин секретарь хIоттаво Мамакаев Iаьрби. Къоман литература кхиаран чIогIа терго йора цо, кхоллараллин похIма долу кегийрхой лохуш, литературни гонашна уьш юкъаозош, царна гIо деш вара поэт.

Сталински таIзар лаьттинчу хенахь банний бехк боцуш лаьцна, чувоьллина ехха хан яьккхина Мамакаев Iаьрбис. Юха цIа вирзинчул тIаьхьа 1957-чу шарахь дуьйна иза вара Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзан правленехь консультант.

Мамакаев Iаьрбин поэзин орамаш къоман дахарх дара. Халкъан ойланаш, сатийсамаш, адамийн хазахетарш, церан деган Iийжамаш бу поэтан произведенийн чулацамехь берш.

Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу произведенеш ю: лирически миниатюраш, сюжет йолу яккхий стихотворенеш, поэмаш, дийцарш, повесть, очерк, пьесаш. Делахь а поэтан кхолларалла коьрта долчу декъана лирически жанрашкахь кхиъна. Цуьнан дуккха а стихотворенеш эшаршка ерзийна.

Хьайн мехкан, хьайн халкъан
Ирс дебна аьлла,
Догдика хиллачу
Сирлачу дийнахь,
Дуьненах воккхавеш,
Самалха даьлла
Хьо велахь, къонахчун
Дог ду хьан кийрахь!

Адамийн хьашташка ладугIуш, нехан баланаш, гIайгIанаш юххера тIеоьцуш верг лору халкъалахь къонах, боху поэта

Ирс долуш хилла вац
уьйрех дIатилча,
Даймахках ваьллачун
дог хуьлу ирча,
Векхалой хилац стаг
сахьийзош вахахь;
Цундела лаьар-кха,
Iожалла ягIахь,
Сайн каш а
хьан лаьттахь
хуьлийла, дагIахь!

Стеган сий, оьздангалла, гIиллакх, ерриг цуьнан дика амалш стаг шен даймахкана муьтIахь хиларца билгалйовлу. Даймехкан тIаме хIоттар йоккха сийлала ю къонахчунна. Халкъан дикачу кIентийн къонахалла, майралла билгалъяьккхира Мамакаев Iаьрбис шен стихотворенешкахь. ТIом буьрса бара аьлла, даг тIе кхерам баийтар, мостагIчух озавалар сийсаза гIуллакх лору цуьнан лирически турпалхочо. Иза тешна ву, тIом мел хала белахь а, вайн толамца чекхбериг хиларх, хIунда аьлча вай ларбеш берг вешан Даймохк болу дела.

Даймехкан бахам алсамбоккхуш, адамаша тылехь чIогIа къахьегар билгалдоккху очерка тIехь. Юьртахоша, ницкъ ца кхоош, болх бо, юьртбахаман сурсаташ кхиош. Зударий тIаме баханчу божарийн меттана балха дIахIуьттуш бу. Адам дика кхета шайн хьанал къинхьегам цкъа а ца эшначу тайпана даймахкана хIинца оьшуш хиларх.

Даймахке безам кхиош, хьаналчу къинхьегамца а, бIаьхаллин хьуьнаршца а иза мостагIчух Iалашбан адамийн дегнаш ир-кара хIиттош хилла поэтан исбаьхьаллин дош.

Шуьйра тематика йолчу Мамакаев Iаьрбин лирикехь коьртаниг, хаддаза поэта юх-юха а гойтург – даймохк, даймехкан Iалам, адамийн сирла ойланаш ю.

Мамакаев Iаьрбин лирика дог делош, ойла серлайоккхуш ю. Цуьнан лирически произведенийн коьрта башхалла ю уьш цIеначу маттаца язйина хилар, хIоранна а даг чу кхочуш долу исбаьхьаллин суьрташ, васташ царна тIехь кхоллар, къоман дахарехь, адамийн ойланехь дерг хьакъйоллучу исбаьхьаллин кепа а дерзийна схьагайтина хилар.

Адамийн дахарехь поэзин хIун маьIна ду? ХIунда оьшуш ю иза? Муха хила еза и? Поэтана хьалха хIун декхарш лаьтта? Муха меттиг лаца еза цо дахарехь? Ша нийса вехий-техьа, ша ала дезарг аьллий-техьа, дан дезарг диний-техьа? Иштта хаттарш хIуьтту муьлххачу а воккхачу поэтана хьалха. Оцу хаттарш тIехь ойла еш язйича санна, хета Мамакаев Iаьрбин "Даге" цIе йолу стихотворени.

Авторан монологах лаьтташ ю "Даге" стихотворени. Иза язйина 1957 шарахь. Цул тIаьхьа цхьана шарахь а ца ваьхна поэт. Сталински лагершкахь, сибрехахь лайначу халонаша хьалхе хадийна цуьнан дахаран некъ, цIеххьана кхелхина Мамакаев Iаьрби.

Шовзткъа шаренга валаза волчу поэта, шен Iожалла герга юйла хууш санна, яздо:

Суьйренга лестина
сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь,
хьалхе ду алий;
Йисинчу хьайн ханна
гIоза а далий,
ЙогIучу суьйренан
беркат а ларий,
Iуьйренна ца динарг
дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
безаммий
хилийта шорта.

Шен даге дечу къамелан кепехь язйина автора стихотворени. Цо ойлайо шен дIадаханчу дахаран, ша яздинчун хьокъехь, яздан таро йоцуш дисна, кийрахь шена Iеткъаш лаьттинчеран хьокъехь. МаьIна шуьйра долуш ю стихотворени. Цу тIехь авторо ойлайо, дахарехь мухачу лехамашца хила еза поэзи, хIун декхарш кхочушдан деза поэто, дуьнене хьежамаш муха хила беза цуьнан, нахаца йолу юкъаметтигаш, уьйраш муха хила еза, шегара хIун амалш гайта еза цо.

Юьххьера дуьйна ерриг а стихотворенех чекхйолу халкъана, махкана хьанал хиларан ойла. Оцу ойланца ерза а йо автора шен стихотворении.

Мамакаев Iаьрбин поэтически корматалла къеггина гучуйолу оцу поэми тIехь. Ша гайтина йолу дахаран материал кIорггерчу исбаьхьаллин кепехь листина поэта. "Нохчийн лаьмнашкахь" поэмин идейно-тематически чулацам шуьйра бу. ЧIиръекхаран Iадатан тIаьхье, дог цIена безам а, тешаме доттагIалла а, обаргаллин гIуллакхаш, къехоша паччахьан Iедалан тIеIаткъам лайна хилар. Нохчийн Iер-дахаран дуккха а исбаьхьаллин суьрташ кхоьллина автора. Iаламат хаза гайтина къоман гIиллакхаш, даймехкан Iалам.

Къеггина билгалйолу поэми тIехь цуьнан лирически агIо а. Ерриг а поэма ю шеца лирически а, эпически а билгалонаш йоккхачу исбаьхьаллица цхьаьнаийна.

Поэма шеца йолалуш долу хьалхара дош а, иза чекхъяьлча, далийна тIаьхьара дош а авторера ду. Кхузахь вайна хьалхахIутту шен халкъ а, Даймохк а безаш, царах дог а лозуш волчу оьздачу лирически турпалхочун васт. Поэмин сюжетана юьстах а вуьйлуш, философски ойланаш йо автора дахаран гIуллакхех лаьцна, шен турпалхошка йолу шовкъаш гучуйоху, даймехкан Iаламан хазаллех цецвуьйлу. Дуккха а долчу лирически юьстахвийларшкахь поэта дахарх, безамах, доттагIаллех, валарх-висарх еш йолчу ойланаша гIо до поэмин хиламех кIорггара кхета.

Поэмин кхечу васташна юккъехь билгалдолу авторан васт. Хьалхарчу дашехь поэма йоьшуш волчуьнга къамел до автора шен поэмин чулацамах лаьцна, цунах дагаволуш санна; ойланашка вахана ву иза. Хьехамаш бар доцуш, дагаваларан хьесапехь схьадуьйцу цо шена ала лууш дерг. Поэма йолалушшехь юххера гергарло тосу цо иза йоьшуш волчуьнца а, шен поэмин турпалхошца а. И гергарло кIеда-мерза дIа а хьо, поэма чекхъяллалц. АслагIин накъост ву автор. Цунна Iеткъа АслагIас балахьегар, иза Iалашван, кIелхьарваккха ойла лаьтта цуьнан. Набкхетта Iуьллучу АслагIина чIирхо тIекхочуш, са ца тохаделлачу авторан даг чуьра аз долу:

Ма гIерта, ма гIертахьа
Цунна герга, витахьа,
Къона пекъар ву иза,
Къуоналлех ирс эцаза,
Шен паргIато йовзаза.

Дакъазаяьллачу Селехьатах дог лозуш, къинхетамечу дешнашца вистхуьлу цуьнга автор. Шен накъостех хаьдда, ша висинчу ШахIиде беана бала байбан гIерта автор, цуьнан дог оьцуш ву иза.

Поэмин лирически билгалонаша цуьнан эпически чулацам кIаргбо, идейни маьIнах кхета гIо до. Поэми тIехь шуьйра гайтина халкъан дахар, кхоьллина хьуьнаречу турпалхойн васташ, дехкина исбаьхьчу Iаламан суьрташ. И дерриге а эпически хIуманаш поэта гайтина шен дагчухула чекхдовлуш санна, деган йовхо царна дIаелла цо. Цундела поэми тIера хIора васт шеца эпически а, лирически а билгалонаш цхьанаийна ду.

Дактилан барамехь язйина ю поэма. Иза строфашка екъна ю, хIор строфа 8 стихах лаьтта. Рифмовка жIарийн хьесапехь а (перекрестная), юххера а (смежная) ю.

Меттан поэтически гIирсех: метафорах, эпитетах, дустарх говза говза пайдаэцна поэта. Турпалхойн дог-ойла бакъонца гайтар, хуьлуш долчун сурт исбаьхьаллица хIоттор кхочушдо цара. Мамакаевс шайх пайдаоьцуш болу берриге а исбаьхьаллин гIирсаш поэмин коьрта идея кхочушъярна тIехьажийна бу.

ПРОИЗВЕДЕНЕШ

СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ

Нохчийн литературан истории хьокъехь. Статья // Ленинан некъ. 1958. 5 янв.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн литература

Урокан коьрта кхетам

Дешархошна хаа дезарг

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллех лаьцна дийцар.

Барта кхолларалла х1ун ю, цуьнан тайпанаш

Чулацам лаьцна хаттарш

Сийлахь-баккхийчу оьрсийн яздархоша А. С. Фета шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар.

Керла коьчал йовзийтаран урок

Нохчийн барта произведенех лаьцна дийцар.оьрсийн яздархоша аьлларг довзийтар

Нохчийн барта произведенех лаьцна дийцар.оьрсийн яздархоша аьлларг довзийтар

Туьйранаш. Инзаре-тамашийна х1уманех лаьцна туьйранаш.

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Туьйранех лаьцна кхетам балар

Туьйранех лаьцна кхетам балар

Хаарех, говзаллех, кхетамех пайда оьцу урок.

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Нене болу безам шорбар, к1аргбар.

Нене болу безам шорбар, к1аргбар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

Нохчийн эшарш йовзийтар.

Нохчийн эшарш йовзийтар.

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

Кицанаш, х1етал-металш довзийтар.

Кицанаш, х1етал-металш довзийтар.

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

дешархоша бинчу кечамца

Лирически а, турпаллин а иллеш.

Керла коьчал 1аморан урок

Иллех лаьцна дийцар.

Иллех лаьцна дийцар.

Хаарех, говзаллех, кхетамех пайда оьцу урок.

Иллин чулацам бовзийтар.

Иллин чулацам бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Турпалхочун ненах лаьцна.

Турпалхочун ненах лаьцна.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Керла коьчал 1аморан

Чулацам бовзий тар

Иллин турпалхой бовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Иллин т1ехь къаьмнийн юкъара доттаг1алла.

Къаьмнийн юкъара доттаг1алла довзийтар

Къаьмнийн юкъара доттаг1алла довзийтар

Кхечу къаьнашца нохчийн хилла доттаг1аллех лаьцна

Карладаккхарца жам1 даран урок

Иллин маь1нех кхетам балар

Иллин маь1нех кхетам балар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Керла коьчал 1аморан урок

Халкъан илланчаш бовзийтар

Халкъан илланчаш бовзийтар

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн барта кхоллараллех лаьцна яздинарг.

Керла коьчал 1аморан урок

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша нохчийн барта кхоллараллех аьлларг довзийтар

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша нохчийн барта кхоллараллех аьлларг довзийтар

Хаарш талларан урок

Керла коьчал 1аморан урок

Исбаьхьаллин литература йовзийтар

Исбаьхьаллин литература йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Къоман исбаьхьаллин литература йолийнарш. Дудаев 1абдин дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Исбаьхьаллин литература йолийнарш бовзийтар

Исбаьхьаллин литература йолийнарш бовзийтар

Хаарш талларан урок

Дудаев 1аьбдин произведенеш йовзийтар

Дудаев 1аьбдин произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Сальмурзаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Сальмурзаев М. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Сальмурзаев М. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Хаарш талларан урок

Сальмурзаев М. произведенеш йовзийтар

Сальмурзаев М. произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Нажаев Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Нажаев А. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Нажаев А. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Хаарш талларан урок

Нажаев А. произведенеш йовзийтар

Нажаев А. произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Авторан 1алашо а, поэмин д1ах1оттам а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Поэмин коьрта чулацам а, маь1на а.

Поэмин коьрта чулацам а, маь1на а.

Керла коьчал 1аморан урок

Айсханов Шамсуддинан дахар а, кхолларалла а.

Айсханов Шамсуддинан дахар а, кхолларалла а.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Дагахь 1аминарг хаттар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Чулацам лаьцна хаттарш

Махмаев Ж. аг1о 80

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел

Бадуев Саь1идан дахар а,

Керла коьчал 1аморан урок

кхоллараллин некъ а.

кхоллараллин некъ бовзийтар.

кхоллараллин некъ бовзийтар.

Бадуев Саь1ид а, къоман театр а. Оьрсийн яздархошца хилла доттаг1алла.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Кхечу къаьмнашца долу гергарло муха гайтина хаар

Кхечу къаьмнашца долу гергарло муха гайтина хаар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Дагахь 1амийнарг хаттар

Кульдевич а, цуьнан т1аьхьабозурш а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Повестан чулацам бовзийтар.

Повестан чулацам бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хонмурд а, цуьнан доьзал а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Мица хьолехь бара Хонмурдан доьзал

Мица хьолехь бара Хонмурдан доьзал

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Хаарш кхиоран, шардаран, т1еч1аг1даран урок

Бештон, Бусанин васт х1оттор

Бештон, Бусанин васт х1оттор

Дешархойн хаарш таллар.

Дешархойн хаарш таллар.

Сочиненина кечам бар

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а йовзийтар

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а йовзийтар

Хаарш талларан урок

Мамакаев 1аьрбин лирически произведенеш йовзийтар

Мамакаев 1аьрбин лирически произведенеш йовзийтар

Дагахь 1амийнарг хаттар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Авторан васт х1оттор 1амо

Авторан васт х1оттор 1амо

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Хамидов 1абдул-Хьамидан дахар а, кхолларалла а, цуьнан забаре дийцарш,

Керла коьчал 1амо Керла коьчал

Дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хамидов 1абдул –Хьамид - драматург

Керла коьчал 1аморан урок

Нохчийн куьлтура кхиорехь Хамидовс лаьцна довзийтар.

Нохчийн куьлтура кхиорехь Хамидовс лаьцна довзийтар.

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Даймохк мостаг1чух 1алашбан г1евттинчу б1аьхойн турпалла а, доттаг1алла а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Турпалхойн доттаг1алла довзийтар.

Турпалхойн доттаг1алла довзийтар.

Изложенийн гулам 5-9 кл. аг1о 154

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Жам1 даран урок. Изложени йийцаре яр.

Карладаккхарца жам1 даран урок

1амийнчу произв. Обзор е

20-40 шерашкахь нохчийн литература кхиаран хьелаш.

Керла коьчал 1аморан урок

Лит-х лаьцна кхетам шорбар, к1аргбар.

Лит-х лаьцна кхетам шорбар, к1аргбар.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Прозех, драматургех лаьцна дийцар.

Прозех, драматургех лаьцна дийцар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Яздархойн кхолларалла йовзийтар.

Яздархойн кхолларалла йовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Нохчийн литература Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.хил-ла литература йовзийтар

Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.хил-ла литература йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Гайсултанов 1умаран, Мусаев Мохьмадан кхоллараллин обзор.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Гайсултанов 1 Мусаев М.кхоллараллин обзор.ян 1амор

Гайсултанов 1 Мусаев М.кхоллараллин обзор.ян 1амор

Эдилов Хасмохьмадан, Саидов Билалин,

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Эдилов Х., Саидов Б.поэзин обзор ян 1амор

Эдилов Х., Саидов Б.поэзин обзор ян 1амор

Сулаев М. произведенин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Сулаев М. произведенин обзор яр

Сулаев М. произведенин обзор яр

Нохчийн литература20 –чу б1ешеран 50-70-чуй шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

50-70-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

50-70-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Арсанов С-Б. Мамакаев М. поизведенин обзорян хаар

Арсанов С-Б. Мамакаев М. поизведенин обзорян хаар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Ошаев Х. Гайсултанов 1.поизведенин обзор ян хаар

Ошаев Х. Гайсултанов 1.поизведенин обзор ян хаар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Нохчийн литература 20 –чу б1ешеран 80-90-чуй шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

80-90-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

80-90-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Арсанукаев Шайхин поэзин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Кхоллараллах лаьцна дийцар.

Кхоллараллах лаьцна дийцар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Рашидов Ш. , Кибиев М. произведенин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Яздархочун кхолларалла йовзийтар.

Яздархочун кхолларалла йовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Читайте также: